Зама
en • 2:57
Текст песни
Х1ай зама со хези хиича хьуна Ас докхар даракха хьох ляцна иллиш Декачу сан иллиш дуьцар дар хьога Са хьоца ва долу и докхха дов Хьо йог1уш ка етташ йог1у хьо зама Д1а йоьдуш ц1оьсту ахь кирара дог Хьайхь ляцна дага да дитахьа дика Сун уллера гергар нах хье бала бита Важари бара са дукхха болуш Царех ка етташ ахь ца вити цхьа Сан син а дагна а веза волуш Сан Да а ма вара хьо яллалца Иза а ца тоьуш сун улле хоттина Т1ех яьлла ца яха хьо,хьай новкха д1а Цхьанна а х1умана меха а йоцуш Сан Нана йиги ахь т1аьххьара д1а. Зама со хууш ю хьо хьинца а юйла Со мял ю хир ю хьо Шеко яц цунна Ахь буьрса етта ка ла ницкъа лоьхуш Вай шиэ кхоллинчу Деле а доьхуш Дерриге Делера дуйла а хууш Яз до ас х1ар мохнаш даге ла доьхуш.